РУБРИКА «НОХЧИЙН МЕТТАН НИЙСАЙАЗДАРАН КОЬРТА БАКЪОНАШ».

27.11.2023

Чолхечу терахьдешнийн нийсайаздар.Чолхе декъаран терахьдешнаш дефисца йаздо.Масала: биъ - биъ къолам, йалх - йалх дешархо, ворхl - ворхl жайна, исс - исс могlа. Билгалдаккхар.Цхьайттанна тlера ткъоьсна тlе кхаччалц долу терахьдешнаш а, ткъаннаш дагардеш долу «шовзткъа», «кхузткъа», «доьзткъа» терахьдешнаш а декъаран терахьдешнашка дерзош дефисца йаздо, хьалхара орам бац а беш, шолгlаниг буьззина а буьтуш.Масала: цхьайт - цхьайтта, шийт - шийтта, кхойт - кхойтта, дейт - дейтта, пхийт - пхийтта, йал - йалхитта, вуьр - вуьрхlитта, бер - берхlитта, ткъоьс - ткъоьсна, шов - шовзткъа, кхуз - кхузткъа, доьз - доьзткъа.#нохчийнметтаншо #къоманседарчий #нохчийнметтаннийсайаздаранкоьртабакъонаш #МовлинЗелимха #СоьлжаГlалиндешаранДепартамент